Ков тоьхна веа со, хан йоцчу хенахь хьо г1аттош,
Мохь тоьхна веа со, хьан шерийн тийналла 1адош.
Утармех д1атесна 1аспар - сан къена сингаттам,
Хьан уьйт1а вели со, йохалла 1ожалла хадош.
Гой хьуна, къу ву-кх со, х1ара ду-кх ас дина къола,
Айкхалла диллина ахь лехнарг х1ара ду-кх хьуна.
Къена къанваллалц, дуьненах, эхартах волуш,
Къера къарваллалца идийнарг х1ара ду-кх хьуна.
Гой хьуна сан б1аьргаш - уьш эхьан мархано баьхна,
Гой хьуна сан куьйгаш -до1анаш дицделла царна,
Со, бода аьхкина, лаьхьанал лурвоьлла ваьхна,
Когаш а хуьйдда сан, сийлахьчу некъашна варна.
Ца ваьлла ког боккхуш, боьшана хьозано санна,
Ца ваьлла дош олуш, са къаьхьа замане хьийжи.
Ца ваьлла вижича, дуьне гуш маьлхан каш санна,
Халбатахь мел1унан б1аьрхишца санна со тийжи.
Берд текхна хьехачохь аьзнашка ладоьг1уш санна,
Генара ларйи ас х1ора а дуьненан 1уьйре.
Набахтен не1арехь серлонна сакх тутмакх санна,
Экама хьийжи со х1ора а адамийн уьйре.
Тоьшалла гулйина сайн денойн, буьйсанийн тоба,
Айкх йина мук1арло ца деза сайн деган аьрго,
Хьан кхеле деа ас эзарза дохийна тоба,
Хьан кхеле еа ас сайх эзарза кхаьрдина м1аьрго.
Гой хьуна сан дешнаш, хьан б1аьргийн серлонах хебаш,
Гой хьуна 1алашо, сан даг т1ехь т1улг хилла 1уьллу.
Боданех д1айоьлла, сан деган к1оргенехь теба,
Лурйоьлла ойла а х1инца ас хьан кхеле юьллу.
Гой хьуна къу ву-кх со, хан йоцуш-м ду х1ара х1инца,
Дела бен теш воцуш-м ю х1ара вайн шира тховса.
Цкъа мацахлерачу вайн ирсах диссина цинцаш,
Хьан синтем, хьан тешам ас юхаберзабо тховса...
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев