Предыдущая публикация
Хьан х1ора вина де даздеш,
Сайн цхьаллехь хьан синна т1ера,
Безаман буьзна кад, айбеш,
Ас мийли…Ю цунна къера.
Цкъа суна хьо вевзичхьана…
(Со ирсе хиллачу хенахь),
Ас хийла сатесна кхане
Еара, хьо воккхуш гена.
Къастаран къаьхьа кад муьйлуш,
Тахна хьо вина де лоруш,
Сан б1аьргех кхин хиш ца дуьйлу,
Долушшехь ц1ергахь дог догуш.
Хьоьга кхин кхочур дац йоза
Соьгара, декъалво аьлла…
Хила йиш йоцучун доза
Кхолламна дуьхьала даьлла.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев