Ас лийхира хьо…
Ас лийхира хьо…
Сайн синан пхенаш, лаьхьарчий санна,
Хьан некъех дуьйцина.
Сайн бIаьрса, лерса а, хьан когийн гIар хаззал,
шаьлтанах туьйсина.
Дуьненна исс эзар гуо боккхуш,
стигаллий, латтий вовшашца хIуттучохь.
Ши мостагI – дахаррий, Iожаллий –
бIаьрга тIе бIаьрг х1оттош, юьхь-дуьхьал хIуттучохь.
Ас лийхира хьо…
Цу маьлхан зIаьнаршца дуьйцинчу зIарана тIехула юьйлуш.
Беттасин нур лечкъош, некъ серлабаьккхина,
Къу-берзан буьйсанан бIаьргаша стешха са къуьйлуш.
ГIамарийн аренгахь, со шена тIейоьхуш,
Йилбазан мохо, шен эвхьаза хелхарш деш, суна бохь бугIучохь.
БIаьстенан хIаваэхь цIе туьйсуш, стиглара стела1ад эккхина,
Шен суйнаш сан дагах чекхдохуш, буьрса ткъес тухучохь.
Ас лийхира хьо…
Дуьненахь хьо лаха кхин меттиг ца бисча,
Сайн ойланийн баьрче а хиъна Iаш суна хьо карийра.
Сайн деган эла хьо хиларх тешначу,
Кхолламо, ца бешаш, шен къайле соьга схьакъадийра.
Хьо суна воьгIна ву, хьо лехча карор ву бохуш,
ас кхаьбна ойланаш тиллера.
ТIаккха со кхийтира, мел тIаьхьа кхийтира –
Хьан пIендарх яьккхина кхоьллинарг –
И-м со ца хиллера.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1