Предыдущая публикация
Ткъа ца гуш хан йаьлча саготта хьийзош
Ас зама йицйина, шайна чохь ирс лехна
"Хьан б1аьргаш хаза ду" -
Олий хьоьга, хьо шега хьоьжучо?
Хьо йелайалийта забарш а гулйина,
Хьан долу самукъа сан дагчохь гlуьттуш,
Сайн сина паргlато ас шеца йуьстина
Ас лехна, хьан йелар хаза ду
"Хьан йелар хаза ду" -
Олий хьоьга, хьо шена йоьлучо?
Массо а серлонал и нуьре лерина
Эзаршлахь и цхьаъ бен ца лепа бохуш,
Ас гаре сатесна урамехь лардина
"Хьан амат хаза ду" -
Олий хьоьга, ша хьоьга хьоьжучо?
✍Махмудов lиса
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев