Кхо газа-гуьзалг йахана хилла ломал дехьа, йажа-кажа. Цхьа гай долчо, ша йуьзина йаьлча, ши гай долчуьнга аьлла: хьо дlайогlий, ша йуьзна.
Вукхо жоп делла:
— Хьан цхьа гай дузарх, сан шиъ ца дуьзина, дlайало, со тlаьхьакхуьур йу хьуна.
Цхьа гай дерг, дlайоьдуш, тlайл дехьа йала йезаш хилла. Цу тlай тlе хlара кхочуш тlай кlелара схьа а йаьлла, борз дуьхьал йаьлла кхунна.
— Хьо стенгара йогlу, ва газа-гуьзалг?
— Ломал дехьара йажа-кажа йаханачара йогlу.
— Хьан коьртахь йерг хlун йу ?
— Маlа-тlоьлгаш йу.
— Хьан кочахь йерг хlун йу?
— Муьсил-мехий ду.
— Хьан синпха хlунда беттало?
— Хьоьх кхоьруш беттало.
Барзо и дlакхаьллина. Йуха а шен метта дlалечкъина борз. Ши гай долчо ша йуьзна йаьлча, кхо гай долчуьнга хаьттина:
— Хьо дlайогlий?
Вукхо жоп делла:
— Хьан ши гай дузарх, сан кхоъ ца дуьзина, дlайало, со тlаьхьакхуьур йу хьуна.
Ши гайдерг новкъа йаьлла цlайаха.Тlай тlе кхаьчча, вукхунна санна борз дуьхьал а йаьлла, и д1акхаьллина. Кхано кхо гай дерг цlа йогlуш, цунна дуьхьал а йаьлла борз. Цо хаттарш дина кхуьнга:
— Хьо стенгара йогlу, ва газа-гуьзалг?
— Йажа-кажа йахана йогlу.
— Хьан коьртахь йерг хlун йу?
— Хьуна lитта йахьаш маlа-тlоьлгаш йу.
— Хьан кочахь йерш хlун йу?
— Хьуна lитта дахьаш муьсил-мехий ду.
— Хьан синпха хlунда беттало?
— Хьох лата дог догlуш беттало.
Чухьаьдда цо берзан гайх маlаш тоьхна и датlа а дина, шен ши накъост паргlатйаьккхина. Борз хи чу а тесна, хьонг-тlонг, сан ши накъост бохуш, дlайахна газа-гуьзалгаш.
#туьйранаш
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев