Гlалартийн хьалхара гуо
(Хьайбахахь багийначийн назма )
Тlапа куйнаш дайрий шуна
гуо беш салтий байрий шуна
Эхартахь бен хир дац баьхна
Къийамат-де дайрий шуна?
Шийла цхьамза гlортор йолуш
цlийза дlаьндарг гlиллакх долуш
некъан баккхал суьлхьа долуш
къаной гулбеш байрий шуна?
Когадахар лайлахь долуш
меттан даар неlалт долуш
тоьпан биргlа зизам долуш
бераш гулдеш дайрий шуна?
Доруш тоьгуш марчо доцуш
доккхуш доькъуш сагlа доцуш
охкуш кечдеш лахьта доцуш
синош догуш дайрий шуна?
Къа лерина маршо езар
пхьа лерина Дела везар шира
Нашха нохчийн безам
цlергахь ягош яйрий шуна?
Дала кхин юха ма гойтийла иштта де Вайна!