Нохчий зудари – турпалхой.
Вайн Нохчийн зударийх лаьцна вайна хезина долу масалашца гайта лаара Вайн къоман зударашца болу ларам, зударийн шайца долу г1иллакхаш, деналла а.
Шун кхеле дуьллуш долу дийцараш вайн нахана юккхехь лелла а, вайна хезна а ду.
«Нохчийн зуда-къоман байракх».
Тхан ден-нанас тхуна дуьйцуш масалина далош дара х1ара дийцар, иза дийца леа сунна.
Ит шо сов хан яра Нохчий чохь къиза т1ом лаьтташ болу. Дуккха зенаш, адамашна юккъехь баларш нисделлера, дукха бо бераш диснера т1ера да велла, докъаза вайна. Чу баха х1усамаш йоцуш т1амо йохийна лелара дукха доьзалаш, дуьне мел ду баьржина, бевлла лелара. Т1еман чаккхе гуш яцара, моссо кхеравелла вара, Делан оьг1азло ма хилахьара х1ара бохуш. Орцах вала кху дененахь цхьа ца каравора. Дийнахь, буса а, т1е герзаш детташ отуш лаьттара Грозный г1ала а, к1еззиг зулам дацара ярташкана кхочуш дерг а. Адам хьере хилла шаьш мича лелхар ца хууш хьийзара, цхьа берш лаьмнашка баханера, дукхах берш луларчу вайн вежарий Г1алг1ай болчахь д1атарбеллера цара вежарий санна т1е лаьцнера. Уггар халаниг дара вайн халкъах долу адамаш Европера пачхьалкхашка д1абахар, церах т1ехьа х1ун хирду ца хаара.
Делан къинхетамах дог ца диллара, жима а, воккха а вара Деле до1анашца къинхетам бар доьхуш. Аллах1 Дала мискачу нехан, боберийн до1ийна жоп делира, карийра халкъана тешаме волуш хьалха вала а, цуьнах жоп дала къонаха. Иза вара Ахьмад-Хьажи Кадыров. Ша т1ом сацайна ца 1аш….. Моссо меттара сха хезаш дара Ахьмад-Хьаьжис харцонна дуьхьал бакъо толо беш болу болх буьйцуш. Ша д1ах1оттина дукха ца йалайтуш герзашка г1алина а, ярташна ден зенаш саца дира Ахьмад-Хьаьжис. Дуккха а къа хьега дезаш белхаш бара вайн мохк оцу т1едеаначу къаьхьчу хьолера схьадаккха.
Керчина йаьлла йолу т1еман еза ч1уьрг сацо атта дацара. Арахь бен т1емаш, хуьлу зенаш халла саца делчи чухула лаьтта посташкахь дора дукха зуламаш. Адамаш д1алоьцуш, посташкахь д1асейцинарш мичахь бу цахууш бовш д1адоьлхаш дара зуламаш. Делахь а, «Дала бакъо толайойла» - аьлла ара бевлла бара нохчийн къома к1ентий, Ахьмад-Хьаьжи коьртехь волуш, халкъ тешна дара бакъо тоьларг хиларх.
Адамашкахь хилла ца 1ара и бала, 1алам т1ехь дуккха эшамаш хилла карабора. Дуьненан 1аламна юккъехь угар хаза черах ю олуш йолу, царна юккъехь г1арайаьлла йолу Нохчийн 1аламана хазалла та1ина, г1ила карайора.
Т1еххьара лера маситта шо деанера нохчашна и хазачу 1аламах марзо эца йиш ца хуьлуш.
Д1а-схьа дахар жимма маьрша делира, адамаш шайн хьашташна г1айг1а бан ара бовла йиш хилира. 1алам карадора хийца делла доккха деш адамийн хийца йеллачу ойланех.
Хаза, екхна еанера х1ара б1аьстена 1уьйре, аренаш шен исбаьхьчу духарца кечйина яьллера б1аьсте, цханне х1умане хийца лур доцу, вайн 1алам «Кхоллина, Кхобуш волчо», «Моссо х1уманна ниц1къ кхочуш Волчо» шен хенахь д1а х1оттинера 1аламан низам. Малх балехьара мела хьокхучу мохо тодора исбаьхьа, хаза схьа хезаш долу башха-башха олхазарийн аьзнаш. Уьш дара шаьш цхьаъ вукхул эшарна кхоруш санна ша-ша ч1ог1а а, хаза а, ала г1ерташ шайн эшарийн къамелаш деш.
Д1о генахь гуш дара къеж делла кортеш долу вайн лекха лаьмнаш. Гуш дара б1аьстено шен толам баккхина ца баьллера цигахь, и гайтора боьранашкахь дашаза даланза долчу лайн алхаша. Шеко яцара дукха хан ялале б1аьстено цигахь а шен толам боккхур хиларх.
Нет комментариев