Кхечуьнга дIакхачо а, я нахе дийца а ца мега (даIиф хьадис) иза даIиф хилар билгал дан Iалашонца бен, хIунда аьлча и даIиф хилар билгал дан Iалашонца доцуш даIиф хьадис нахе дуьйцуш верг - иза Пайхамарна (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) тIе харцо кхуллучех цхьаъ ву! Муслима дийцина шен сахьихь жайнахь, Пайхамарер (саллаллахIу IалайхIи ва саллам), цо аьлла: “Шена тIе кхоьллина харцо юй хууш (шена даIиф дуй хууш долу хьадис) дийцинарг, иза Шена тIе харцо кхуллучех цхьаъ ву”. Кхечу хьадисехь аьлла: “Лаъман шена тIе харцо кхоьллиначо, шена жоьжахатехь меттиг кеч бойла”.
[Жа́миI Шуру́хь ал-Манзу́мат ал-Байкъу́ниййахI, агIо: 47] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев