«Осала хӀума даржош, къам пайда боцче доккхуш къахьоьгуш бу и нах, иза цара шайггара лелош хӀума а дац, уьш цу хӀуманна кечбина нах бу, тӀаккха хьал иштта дӀадодахь, нийсса 10 шо далале берриг кегийнах иштта осала лелаш хир бу, ша ца лелахь а, и осала хӀума осала хеташ хир вац! Цу хьокъехь чӀогӀа дика масал ду хьуна, зудчо машен хахкар хьокъехь дерг. Нийсса 12 шо хьалха со Египте вале, дийнна Нохчийн къомана юккъехь мел чӀогӀа лехча а, цхьа боьрша стаг карор вацара шен кертара зуда машенахь араялийта реза хир волуш, я и арайолуьйтуш верг стаг хеташ а! Ткъа тахана...?! Иштта доккхуш ду къам пайда боцче! ХӀинца долийнарг кхин а осала хӀума ду, цундела иза дола ма-делла сацо хьаьвсича шен хеннахь хир ду, жимма хан ялахь, и хӀума осала хеташ стаг а леха дезаш хир ду! Цундела, уьш шаьш нах бацахь а, и нах гуш лелачарна юккъехь мукъане уьш совцо цхьа а вер вацара те бохуш беш бу вай кхайкхам, кхузахь нийса доцуш цхьа а хӀума дац!
© Ӏадлан Харачо https://t.me/adlan_haracho
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев