Дала хьегна къа меле дуьллийла! Дала хӀокху мархийн баттахь дина таравихьаш, ламазаш, сагӀанаш, Ӏамал Ӏибадат къобал дойла!
Кхана догӀу долчу къемата дийнахь диканца тоьшалла дойтийла хӀокху Рамадан мархийн батте вайна. Дала хӀокхуьнан беркатца вайна тӀе боьссина болу баланаш дӀаойбийла. Доьзалаш, тӀахьа тӀекхуьу тӀаьхье иманчохь кхиош, могаш, маьрша бахабойла. Дала юхашарахь а кхаба, даста а могаш, маьрша латтадойла. Дала вайн баккхийчу нехан беркат ма эшадойла вайна цкъа а!
Алхьамду лиЛлахӀ, Далла хастам бу-кх, Ша́ цхьаъ вайтарна, Шен сийлахь Элча (Делера салам маршалла хуьлда цунна) бакъвайтарна, Шен авлияаш къобал байтарна.
Хастам а, лерам а хьуна бу-кх, тхо кхоьллина, кхобуш волу тхан Сийлахь АллахӀ Дела!
Присоединяйтесь к ОК, чтобы посмотреть больше фото, видео и найти новых друзей.
Комментарии 1