1. Доьзал (семейный институт) талхо беза.
2. Дешар (образование) талхо деза.
3. Адамаш шайга доьрзуш, цара ладугIуш болу Баьччанаш, Iеламнах, лераме болу Нах сийсаз бан беза.
Доьзал бохорхьама – доьзалан Нана, Нана йолчара дIаяккха еза, цунна ша шен доьзалан Ненан декхарш кхочуш деш хилча эхь хетийта деза.
Дешар дохорхьама – хьехархо лахара хетийта веза, Адамашна юкъара цуьнан лерам дIабаккха беза, цигара схьа дешархошна юкъахь а цуьнан лерам хир боцуш.
Наха лоруш берш иэгорхьама – уьш сийсаз бан беза, уьш лахара хетийта беза, церан лаамаш-ойланаш шеконашка яха еза, массо кепара вон куцошца бийца беза уьш, цаьрга цхьамма а ладугIур доцуш, цара бохург цхьамма а дийр доцуш.
Ткъа, кхетам болу Нана а дIаяьлча, хьекъал долу хьехархо а дIаваьлча, лерам болу дика Нах дIабевлча, хIун дикалла лаьттар ю аьлла хета вайна цу кепара юкъараллехь?!
Ткъа хIара тахан вайна юккъехь кхочуш дина ду ала мегар долуш ду! Къестан Iелам нахан лер, уьш бех бар ду тахан нахан юккъехь держан! https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев