وَٱلضُّحَىٰ
[Серлонца йогӏучу] ӏуьйренора,
وَٱلَّیۡلِ إِذَا سَجَىٰ
[боданца йогӏучу] буьйсанора, иза тийча,
مَا وَدَّعَكَ رَبُّكَ وَمَا قَلَىٰ
хьан Дала хьо дӏа ма ца тесна, [я хьуна] оьгӏаз ма ца вахана [И].
وَلَلۡـَٔاخِرَةُ خَیۡرࣱ لَّكَ مِنَ ٱلۡأُولَىٰ
[Тӏаьхьара] эхарт гӏоли ма ду хьуна, [хьалхарчу] дуьненал а.
وَلَسَوۡفَ یُعۡطِیكَ رَبُّكَ فَتَرۡضَىٰۤ
Тӏаьхьа [эхартахь] хьан Дала [шортта диканаш] лур ду хьуна, тӏаккха хьо резахир ву.
أَلَمۡ یَجِدۡكَ یَتِیمࣰا فَـَٔاوَىٰ
Шена хьо байлахь карийна, хьан дола ца дира Цо?!
وَوَجَدَكَ ضَاۤلࣰّا فَهَدَىٰ
Хьо [динах] тилла [и лоьхуш] карийна, [цу тӏе] нис ца вира Цо?!
وَوَجَدَكَ عَاۤىِٕلࣰا فَأَغۡنَىٰ
Хьо къен карийна, [хьан] аьтто ца бира Цо?!
فَأَمَّا ٱلۡیَتِیمَ فَلَا تَقۡهَرۡ
[Варийлахь] байшна гӏело ма елахь!
وَأَمَّا ٱلسَّاۤىِٕلَ فَلَا تَنۡهَرۡ
Сагӏадоьхург эккха ма велахь!
وَأَمَّا بِنِعۡمَةِ رَبِّكَ فَحَدِّثۡ
Хьайн Делан зовкх дийцалахь! https://ok.ru/group/59345682890803 Сура Ад-духьа.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев