Иза – ламаз дIадихкиначу хенахь, «АллахIу Акбар» аьллачул тIаьхьа Фатихьат дешале доьшуш долу доIа ду:
«СубхьанакаллохIумма ва бихьамдик, ва табарокасмук, ва таIала джаддук, ва ла илахIа гIайрук».
«ЦIена ву Хьо, я АллахI! Хастам бу Хьуна! Сийлахь ю Хьан цIе! Лекха ду Хьан возалла! Хьо воцург, кхин дела а вац» (веамма дийцина).
Кхин цхьа доIа а ду:
«АллохIумма баIид байни ва байна хатIайайа, кама баIадта байнал машрикъи валмагIриби, АллохIумма наккъини мин хатIайайа кама йунаккъассовбул абйаду минадданаси, АллохIуммагIсилни мин хатIайайа биссалжи валмаи валбаради».
«Я АллахI! Сан къинош суна гена даха Ахьа - Айхьа малхбале а, малхбузе а вовшашна гена яккхаре терра. Я АллахI! Сан къинойх дIацIанве Ахьа со - кIайн бедар мIоданех дIацIанлуш санна. Я АллахI! Суна тIера сан къинош дIадила Ахьа - лайца а, хица а, шаца а».(Бухари 744,Муслим 598)
Ламаз дIадихкиначул тIаьхьа доьшучу доIанех хаьржина царех муьлххарг а цхьаъ дешчахьанна кхачам бу.
Халид аль - Хьусайнан
"Эзар сов суннат" жайни тIера. Стр 56-57
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1
ба́Iадта байнал-машрикъи валмагIриб. Алло́хIумма
наккъини́ мин хатIо́йа́йа кама́ йунаккъоссавбул-абйаду
минадданас. Алло́хIуммагIсилни́ мин хатIо́йа́йа
биссалжи вал-ма́и вал-барад".
ﺍﻟﻠَّﻬُﻢَّ ﺑَﺎﻋِﺪْ ﺑَﻴْﻨِﻲ ﻭَﺑَﻴْﻦَ ﺧَﻄَﺎﻳَﺎﻱَ ﻛَﻤَﺎ ﺑَﺎﻋَﺪْﺕَ ﺑَﻴْﻦَ
ﺍﻟْﻤَﺸْﺮِﻕِ ﻭَﺍﻟْﻤَﻐْﺮِﺏِ، ﺍﻟﻠَّﻬُﻢَّ ﻧَﻘِّﻨِﻲ ﻣِﻦْ ﺧَﻄَﺎﻳَﺎﻱَ، ﻛَﻤَﺎ ﻳُﻨَﻘَّﻰ
ﺍﻟﺜَّﻮْﺏُ ﺍﻷَﺑْﻴَﺾُ ﻣِﻦَ ﺍﻟﺪَّﻧَﺲِ، ﺍﻟﻠَّﻬُﻢَّ ﺍﻏْﺴِﻠْﻨِﻲ ﻣِﻦْ ﺧَﻄَﺎﻳَﺎﻱَ
ﺑِﺎﻟﺜَّﻠْﺞِ ﻭَﺍﻟْﻤَﺎﺀِ ﻭَﺍﻟْﺒَﺮَﺩِ .
«Йа АллахI! Сан къинош суна генадаха Ахь, Айхьа
малхбале малхбузена генаяккхаре терра. Йа АллахI!
Со сан къинойх дIацIан ве Ахь, моданех кIайн коч
дIацIанлуш санна. Йа АллахI! Сан къинош суна
тIера дIадила Ахь, лайца а, хица а, шаца а».