●Эвлияашка орцане кхайкхаран хьукма●
Хаттар:
Эвлияашка орцане кхайкхаран хьукма хIун ду?
Жоп:
Эвлаяашка орцане кхайкхиначо, уьш беллачул тIаьхьа, я уьш гучахь, я хезачохь а боцуш - ткъа цо динарг доккха ширк ду.
АллахIа боху:
«АллахIан метта ма кхайкха хьайна пайда, я зен а цадечуьнга. Нагахь ахьа и дахь, зуламхойн могlарехь хир ву хьо. Нагахь Аллахlа хьоьх зен хьакхадалийтахь, И воцучо цхьаммо а цуьнах кlелхьара воккхур вац хьо. Нагахь Цунна лаахь, хьуна дика дан, ткъа цхьаммо юхатухур яц Цуьнан комаьршалла. Цо и ло шен лайх Шена лиъначунна. Гечдеш, Къинхетам беш ву И» («Юнус»:106-107).
Похlма а, атто а Аллахlера ду.
Аллахlа къинхетам бойла вайн пайхамарах Мухьаммадах, цуьнан доьзалах, цуьнан асхьабех - маршо а хуьлда царна.
Iилманан талламашна а, фатва даларна а кхоьллина, хаддаза болх дlахьуш йолу lелам-нехан комитет (187).
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев