بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
قُلْ هُوَ اللَّهُ أَحَدٌ (١) اللَّهُ الصَّمَدُ (٢) لَمْ يَلِدْ وَلَمْ يُولَدْ (٣) وَلَمْ يَكُنْ لَهُ كُفُوًا أَحَدٌ (٤)
(БисмиллáхIиррóхьмáниррóхьúм. Къул хIуваллóхIу ахьад. АллóхIуссомад. Лам йалид ва лам йýлад. Ва лам йакуллахIý куфуван ахьад).
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.
1. Ала: «И – АллахI - Цхьаъ ву,
2. Шех тоам болу АллахI ву И.
3. Цуьнах ваьлларг вац, Ша цхьаьннах а ваьлла вац И,
4. Цуьнца нисвала хилла а вац цхьа а».
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ الْفَلَقِ (١) مِنْ شَرِّ مَا خَلَقَ (٢) وَمِنْ شَرِّ غَاسِقٍ إِذَا وَقَبَ (٣) وَمِنْ شَرِّ النَّفَّاثَاتِ فِي الْعُقَدِ (٤) وَمِنْ شَرِّ حَاسِدٍ إِذَا حَسَدَ (٥)
(БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббил фалакъ. Мин шарри мá холакъ. Ва мин шарри гIóсикъин изá вакъоб. Ва мин шаррин-наффáсáти фил-Iукъод. Ва мин шарри хьáсидин изá хьасад).
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.
1. Ала: «ГIо лоьху аса садаржочу Делехь,
2. Цо кхоьллиначу вонах ларвала:
3. Боданан вонах - и булучу хенахь,
4. Бозбуунчийн вонах - шеддашна тIе хIуп бохучу,
5. ХьогIанчин вонах - цо хьагI лаьцначу хенахь».
بِسْمِ اللَّهِ الرَّحْمَنِ الرَّحِيمِ
قُلْ أَعُوذُ بِرَبِّ النَّاسِ (١) مَلِكِ النَّاسِ (٢) إِلَهِ النَّاسِ (٣) مِنْ شَرِّ الْوَسْوَاسِ الْخَنَّاسِ (٤) الَّذِي يُوَسْوِسُ فِي صُدُورِ النَّاسِ (٥) مِنَ الْجِنَّةِ وَالنَّاسِ (٦)
(БисмиллáхIиррохьмáниррохьúм. Къул аIýзу бироббиннáс. Маликиннáс. ИлахIиннáс (3)
Мин шаррил васвáсил-хоннáс. Аллази йувасвису фи судỳриннáс. Минал-джиннати ваннáс).
Къинхетамечу, Къинхетам бечу АллахIан цIарца.
1. Ала: «ГIо лоьху аса адамийн Элехь,
2. Адамийн Паччахьехь,
3. Адамийн Делехь,
4. Зуламе ойланаш а туьйсуш, [АллахI хьахочу хенахь] къайладолучуьнан вонах ларвала –
5. Адамийн дегнаш тIе хIус дечу,
6. Жинех а, адамех а долучу».
«…уьш кхоккхазза дешначунна - массо хIуманна тоаме хир ду уьш» (Абу Давуд).
اللَّهُ لاَ إِلَهَ إِلاَّ هُوَ الْحَيُّ الْقَيُّومُ لاَ تَأْخُذُهُ سِنَةٌ وَلاَ نَوْمٌ لَّهُ مَا فِي السَّمَاوَاتِ وَمَا فِي الأَرْضِ مَن ذَا الَّذِي يَشْفَعُ عِندَهُ إِلاَّ بِإِذْنِهِ يَعْلَمُ مَا بَيْنَ أَيْدِيهِمْ وَمَا خَلْفَهُمْ وَلاَ يُحِيطُونَ بِشَيْءٍ مِّنْ عِلْمِهِ إِلاَّ بِمَا شَاء وَسِعَ كُرْسِيُّهُ السَّمَاوَاتِ وَالأَرْضَ وَلاَ يَؤُودُهُ حِفْظُهُمَا وَهُوَ الْعَلِيُّ الْعَظِيمُ
(АллóхIу лá илáхIа иллá хIувал-хьаййул-къоййýм, лá таъхузух1ý синатуввалá навм, лахIý ма фиссамáвáти ва мá фил ард, манзаллази йашфаIу IиндахIý иллá биизнихI, йаIламу ма байна айдихIим ва мá холфахIум, ва лá йухьитIýна бишайъиммин IилмихIú иллá бима шáа, васиIа курсиййухIуссамáвáти вал-ард, ва лá йаýдухIý хьифзухIумá ва хIувал-Iалиййул-Iазúм).
(АллахI – Дела вац, И воцург‚ Дийна, Дерриге латтош Вола. Наб озоро, я набаро лацац И. Цуьнан ду, дерриге стигланашкахь а‚ лаьттахь а дерг. Мила ву Цунна хьалха г1одаккха (шапа1ат дан) г1ертан верг, Цуьнан пурба а доцуш? Царна хин дерг а, д1адахнарг а хаьа цунна. Цуьнгарчу 1илманах цахаьа царна х1умма а, Цунна лиънарг бен. Цуьнан курс ю, стигланашла а, латтаналла а шорта йоккха. Уьш 1алаш даро хало яц Цунна. Лекхи‚ сийлахь-воккху ву И).
«Ша Iуьйренга ваьлча и аьлларг - жинех ларвийр ву суьйренга валлалц. Ша суьйренга ваьлча и аьлларг - жинех ларвийр ву Iуьйренга валлалц» (Хьаким).
اَللَّهُمَّ أَنْتَ رَبِّي لا إِلهَ الا أنتَ، خَلقتني وَأَنَا عبدُك وأنا على عَهْدِكَ وَوَعْدِكَ ما استطعتُ، أعوذُ بك من شر ما صنعتُ، أبوءُ لك بنعمتِكَ عليَّ وأبوءُ بذنبِي، فاغفرْ لِي، فإنهُ لا يَغْفِرُ الذُّنُوبَ إلا أنتَ
«АллóхIумма анта роббú, лá илáхIа иллá анта, халакътанú, ва ана Iабдука, ва ана Iалá IахIдика ва ваIдика мастатIаIту. АIýзу бика мин шарри мá санаIту, абýу лака биниIматика Iалаййа, ва абýу бизанбú, фагIфирлú, фаиннахIý лá йагIфируззунỳба иллá анта».
«Я АллахI! Хьо ву сан Дела. Хьо воцург, кхин дела вац. Ахьа кхоьллина со. Со Хьан лай ву. Сайн ницкъ кхачаран барамехь Хьан IахIданна а, ваIданна а тIехь ву со. Со ларло Хьоьца айса диначу вонах. Со къера ву Ахьа сайна диначу ниIматна. Со къера ву сайн къиношна а. Ткъа Ахьа гечдехьа суна. Боккъалаъ, къиношна гечдийриг Хьо бен вац-кха»
«Ша суьйренга ваьлча и аьлла верг, даггара цуьнах тешна а волуш, нагахь оцу буса иза лахь - ялсамани чу гIур ву иза. Иштта Iуьйренга ваьлча алахь а» (Бухари).
اللهم إني أسألك العفوَ والعافيةَ في الدُّنْيا والآخرةِ، اللَّهُمَّ إنِّي أسألُكَ العفوَ والعافيةَ في دِينِي ودُنْيايَ وأهلِي ومالِي، اللهمَّ استرْ عوراتِي وآمنْ روعاتِي، اللهم احْفَظْنِي مِنْ بين يديَّ ومِنْ خلفِي وعن يمينِي وعن شِمالِي ومن فوقِي وأعوذُ بعظمتِكَ أن أغتالَ من تحتِي.
«АллóхIумма иннú асъалукал Iафва валIáфийата фиддунйа вал áхиратú, АллóхIумма инни асъалукал Iафва вал Iáфийата фú динú, ва дунйáйа, ва ахIлú, ва малú. АллóхIуммастур Iавратú, ва áмин равIатú, АллóхIуммахьфазнú мин байни йадаййá, ва мин халфú, ва Iан йаминú, ва Iан шимáлú ва мин фавкъú, ва áIузу биIазаматика ан угIтáла мин тахьтú».
«Я АллахI! Аса гечдар доьху Хьоьга, ирс а доьху Хьоьга дуьненахь а, эхартахь а. Я АллахI! Аса гечдар доьху Хьоьга сан динехь а, сан дахарехь а, сан охIланна а, сан даьхнина беркат а доьху Хьоьга. Я АллахI! Сан (вон) къайленаш къайлаяха Ахьа, сан кхерамаш а суна кхерамазе бе Ахьа. Я АллахI! Со ларве Ахьа хьалха а, тIехьа а, аьтту агIор а, аьрру агIор а, тIехула а. Хьан воккхаллица ларло со Iехийна со цхьамма верах а» (Абу Давуд, ибн Маджат, Ахьмад).
اللهم عالم الغيب والشهادة فاطر السماوات والأرض، رب كل شيء ومليكه، أشهد أن لا إله إلا أنت، أعوذ بك من شر نفسي، ومن شر الشيطان وشركه، وأن أقترف على نفسي سوءا أو أجره إلى مسلم.
«АллóхIумма IáлималгIайби вашшахIáдати, фáтIыроссамáвáти валъарди, робба кулли шайъин ва маликахIу, ашхIаду аллá илáхIа иллá анта, аIỳзу бика мин шарри нафси, ва мин шарришшайтIóни ва ширкихIú, ва ан акътарифа Iалá нафсú сýан, ав ажуррахIý илá муслимин».
«Я АллахI! ХIай къайлах дерг а, гучахь дерг а хууш верг! ХIай стигланаш а, латта а кхоьллина верг! ХIай массо хIуманан Дела, массо хIуманан Паччахь! Аса тоьшалла до Хьо воцург кхин дела цахиларца. Хьоьгара гIо лоьху аса сайн син вонах ларвала. ШайтIанан вонах а, цуьнан ширках а ларло со Хьоьца. Аса айса сайна вониг дарх а я айса и кхечу бусалбанна дарах а ларло со Хьоьца» (Ахьмад, Бухари).
بِسْمِ اللهِ الَّذِي لا يَضُرُّ مَعَ اسْمِهِ شَيْءٌ في الأرضِ ولا فِي السَّماءِ وَهُوَ السَّمِيعُ العليم.
«БисмиллáхIиллазú лá йадурру маIасмихIú шаъун филъарди, ва лá фиссамáи, вахIувассамиIул Iалúм».
«АллахIан цIарца - Шен цIарца хилча, лаьттахь а, стиглахь а долучу цхьана а хIумано зен ца деш волучу. И – Хезаш, Хууш ву»
«Ша 1уьйранга ваьлча я суьйранга ваьлча кхузза и аьллачуна цхьана а х1умано зен дира дац» (Ибн Мажатх1).
رَضِيتُ باللهِ رَبّاً، وَبِالإسْلامِ دِيناً، وَبِمُحَمَّدٍ صلى الله عليه وسلم نَبِيّاً.
«Родиту биллáхIи роббан, ва билислáми динан, ва бимухьаммадин соллаллóхIу IалайхIи ва саллама набиййан».
«АллахI сайн Дела хиларна а, Ислам сайн дин хиларна а, Мухьаммад (АллахIан къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) сайн пайхамар хиларна а реза хили со»
«Кхоазза и аьллачунна ялсамане хьакъ ю» (Муслим).
سُبْحانَ الله وَبِحَمْدِهِ عَدَدَ خَلْقِهِ وَرِضا نَفْسِهِ وَزِنَةَ عَرْشِهِ وَمِدَادَا كَلِماتِهِ.
«СубхьаналлóхIи ва бихьамдихIи, Iадада холкъихIи, ва ридó нафсихIи, ва зината IаршихIи, ва мидáда калимáтихI».
«ЦIена ву АллахI, хастам а бу Цунна - Цо мел кхоьллина долучу хIуманан барамехь, И реза хиларан барамехь, Цуьнан Iаршан йозаллин барамехь, Цуьнан дешнийн дукхаллин барамехь» (1уьйрана кхузза эра ду) (Муслим).
Пайхамарна,Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, салават диллар: «Ша 1уьйранга ваьлча я суьйранга ваьлча пайхамарна, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, иттазза салават диллиначунна – пайхамаран, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, шапа1ат хир ду цуна» (ат-Т1абарани).
لا إلهَ إلا لله وَحْدَهُ لا شَرِيكَ لَهُ، لَهُ المُلْكُ وَلَهُ الحَمْدُ وَهُوَ على كُلِّ شَيْءٍ قَدِير.
«Лá илахIá иллаллóхIу вахьдахIу лá шарúка лахI, лахIулмулку ва лахIулхьамду ва хIува Iалá кулли шайъин къадир».
«АллахI воцург, кхин дела вац. Ша цхьаъ ву И, Шеца накъост а воцуш. Пачччахьалла Цуьнан ду, хастам а Цунна бу. Массо хIуманна тIехь ницкъ болуш а ву И»
أَصْبَحْنا على فِطْرَةِ الإسلامِ وعلى كلمةِ الإخلاصِ وعلى دينِ نَبِيِّنَا مُحَمَّدٍ صَلَّى الله عَلَيْهِ وَسَلَّمَ وَعلى مِلَّةِ أَبِينَا إِبْراهِيمَ حَنِيفاً مُسْلِماً وَما كانَ مِنَ المُشْرِكِين.
«Асбахьнá Iалá фитIротил ислами, ва Iалá калиматил ихлáси, ва Iала дини набиййинá Мухьаммадин, солаллóхIу IалайхIи васаллам, ва Iалá миллати абинá ИбрóхIима хьанифан муслиман ва мá кáна минал мушрикин».
«Вай Iуьйренга девлла бусалба динна тIехь, ихласан дашна тIехь, вайн пайхамаран Мухьаммадан, Аллах1ера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна, динна тIехь, Ибрах1иман динна т1ехь а - АллахIана муьтIахь а, бусалба а, АллахIаца нисвина накъост вечарех хилла а воцучу» (Ахьмад).
اللهمَّ ما أ!صْبَحَ بِي مِنْ نِعْمَةٍ أَوْ بِأَحَدٍ مِنْ خَلْقِكَ فَمِنْكَ وَحْدَكَ لا شَرِيكَ لك فلك الحَمْدُ وَلَكَ الشُّكْرُ.
«АллóхIумма ма асбахьа бú мин ниIматин ав биахьадин мин халкъика, фаминка вахьдака лá шарúка лака, фалакалхьамду ва лакашшукру».
«Я АллахI! Х1окху Iуьйранна суна кхаьчна долу ниIмат а я Ахьа кхоьллина долу Хьан халкъанна кхаьчна долу ниIмат а - Хьоьгара цхьаьнгара ду. Цхьа а накъост вац Хьоьца. Хастам бу-кха Хьуна. Шукар а ду Хьуна»
«Ша Iуьйренга ваьлча я суьйренга ваьлча и аьллачо – оцу денна а, оцу буьсананна а (дан дезаш долу) шукар кхочуш дина» (Абу Давуд).
حَسْبِيَ اللهُ لاإلهَ إلا هُوَ عَلَيْهِ تَوَكَّلْتُ وَهُوَ رَبُّ العَرْشِ العَظيم.
«ХьасбийаллóхIу, лáилáхIа иллá хIува, IалайхIи таваккалту, ва хIува роббул-Iаршил Iазúм».
«АллахI кхачаме ву суна. И воцург, кхин дела вац. Болх Цунна тIебилли аса. И – йоккхачу Iаршан Дела ву».
«Ша Iуьйренга я суьйренга ваьлча, ворхIазза и аьлла волучунна - дуьненахь а, эхартахь а цунна сингаттаме долучу хIуманех иза хьалха воккхуш, кхачаме дийр ду и цунна АллахIа» (Абу Давуд).
_______________________________
Турпалан кIант Фарукъ.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев