«Ӏеламнеха къовсам бац хьуна, зудчун мегар ца хилар тӀехьа, и новкъа яла, и яха, фарз дол хьаж тӀера даккхар бен.
Фарз долу хьажа, иза хьан доьххьарлера хьаж ду. И доьххьарлера шен фарз долу хьаж тӀера даккха яха бен, шеца шен хӀусамда, йа шен чура боьрша стаг волуш бен, цуьна яха ца магарехьа, цу тӀехь бен къовсама бац хьуна.
И Ӏеламнеха къовсам, зуда хьаж-цӀа, йа Ӏумрате яха мегар ду, йа дац (чуьра боьрша стаг воцуш) аьлла болу, иза шайна фарз тӀера даккхар тӀехь бара хьуна, шозлагӀа цуьнан ягӀа мегаш ца хилар тӀехь, цхьа а къовсам бац хьуна.»
- Пайхамара (саллаллахӀу ӀалайхӀи ва саллам) ма-дарра суннатехь Ӏумрат дар довзуьйтуш яздина Шайх Халид ЖухӀанин «Кайфа таӀтамиру камаӀтамаран-набиййу» цӀе йолу жайна
©Ӏадлан Харачо https://t.me/san_beshar
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев