Совца, юхадерза!
Коронавирус - Аллахlера вайна тlебоьссина бала бу! Амма кхардарца, забаршца, деларца тlелоцу вай и! Хlора дийнахь ватсап схьа мосазза йоьллу, забарш, деларш, кхардар доцург, хlума дац! Тоьур ду шуна! Совца, юхадерза! Цецволу со хlара хуьлуш дерг Аллахlера оьгlазло, цуьнан таlзар ца хетачух! «И баланаш-м дукха гинера вайна», - бохуш! И дай хlума хеташ, кхардар - шайтlа хьуна тlехь тоьлла хиларан билгало ю! Хьан дог чlагlделла хиларан билгалонах билгало ю хьуна и! Аллахlа ца аьлла ткъа: «Оха шайна тlе бала баийтича, Суна хьаста хlунда ца ло уьш? Амма делахь чlагlделла церан церан дегнаш! Шайтlано хаздина царна шаьш лелош дерг!»
Кху дуьненахь хуьлуш дерг гуш дац вайна?! Цомгуш берш, леш берш гуш бац вайна?! Вай хlун хиларе хьоьжуш ду? Стиглара тlулгаш тоьхна, вай хlаллакдаллалц lаш ду вай? Ойла а ца еш, тоба а ца деш!
Бусалба стага муха тlелаца беза хаьий шуна и тайпа бала, хало? Цо тlелоцу и тоба деш, Аллахlе воьрзуш, доlа деш, Аллахlна хьасталуш! Хьастало Аллахlна!
Ткъа хьо, хlай забарш, кхардарш, беламе видеош яржош верг, хьан кийрахь дог дац?! Хьуна хlуа хилча а бен-башха дац?! Дешар сецна-кх! Дазонаш дlакъевлина! Маьждигаш дlакъевлина! Жамаlат ламазаш, рузбанан ламазаш совцийна! Молла кхойкхурш шайн цlахь ламазаш де бохуш кхойкхуш бу! lумрат дар сацийна! Ткъех де хан ю цхьана адамо lумрат данза! Вай lасалла бахьана долуш Аллахlа саца-м ца дина те и? Ваьш вайн куьйга дина те и вай? Вай lасалла гучуяккхарна, Аллахl дlа-м ца хьаьвзина те вайх?! Иза дlахьедар ду шуна, забарш йо хlума дац шуна! Цхьаболчу дика наха аьлла-кх: «Аллахlна хала дац вай хlаллакдан, Цуьнан омранна вай муьтlахь ца хилахь». (Аллахlа боху:) «Ма бала бу-кх лешна! Цхьа а Элча ца веъна цаьрга, уьш цунах кхаьрдаш бен!»
Ткъа даьржина ун вайна Делера хаам бац?! Кхеташ йолу цамгар вай самадохуш йоуьйтуш яц?! Вай тlедерзийта, вай нисдалийта! И аят къаьсттина элчанийн хьокъехь хилла lаш ма дац! Аллахlера долу дерриг хlума чу ма лоцу цо! Аллахlа ца аьлла ткъа: «Оха ца йохкуьйту билгалонаш, цаьрца кхерам тосуш бен».
Тахана ца кхерра, хьо маца кхера воллу?! Аллахlах дика ойла хиларе кхойкху ас! Диканна хир ду иза. Делахь а, оцу дикачу ойланца, кечам бан беза! Ахь бан безаш болу кечам - тоба дар, дика lамал яр.
Хlай тхан Дела, оха дина-кх тхайн догlмашна зулам, Ахь тхуна геч а дина, къинхетам ца бахь, тхо хир ду-кх эшам хиллачарех!
Шайх Хьасан ал-Хьусайний https://tlgg.ru/so_icharkho
https://mixlr.com/adlan_xaracho • Дарсан низам:
...Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев