Нагахь ахьа и дахь, ткъа билггал зуламхойх хир ву хьо. АллахIа хьоьх цхьа зен кхетийтахь, ткъа цуьнах хьо кIелхьара воккхур вац хьуна И воцучо. Нагахь Цунна хьуна цхьа дика лаахь, ткъа цхьа а вац хьуна Цуьнан дика духатоха. Цо иза ло шен лайх шена лиъначунна. И - гечдеш, къинхетаме ву» («Юнус»: 106-107). АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «…Боккъалаъ, аша АллахIан метта шайна лолла дийриш шуна рицкъа латталуш бац.Ц ундела рицкъа АллахIера лаха шайна, Iибадат а де Цунна, шукар а де Цунна. Шу Цуьнга дерзор долуш ду» («ал-1анкабут»: 17). АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «АллахIан метта къематде кхаччалц шайна жоп лур доцучаьрга а, царна шайга кхойкхий хууш боцучаьрга а кхойкхуш волучул а йоккхачу тиларчохь мила ву-те?! Нах (махьшар майдане) дIагулбича, церан мостагIий а хилла дIахIуьттур бу уьш, цара шайна лолла дарна инкаре а хир бу уьш» («ал-Ахькъаф»: 5-6). АллахIа (Лекха ву И) аьлла: «Хьаште волучуьнан доIина жоп луш верг мила ву, цо Цуьнга кхайкхича, зен дIадоккхург а, шух лаьтта тIехь халифаш (дай) бийриг а? Дела ву ткъа, АллахI воцург?» («ан-Намл»: 62). Ат-ТIабаранис дийцина: «Пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) заманахь цхьа мунепикъ хилла, муъма нахана зенаш деш. Царех цхьаболчара аьлла: «Схьадуьйла, АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) гIо орца олу вай, оцу мунепикъан зенах хьалхадахар доьхуш». И шена дIахиъча, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Боккъалаъ, соьга деха ца деза гIо-орца, АллахIе деха деза»». ☝🏻
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев