Нах бу оцу чохь - цIано езаш болу, АллахIана а беза - цIано лелориш» («Товбат»: 108). Сабит бин ад-Дахьака (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьана стага нузар (чIагIо) динера - Буанехь эмкална урс хьакха. ТIаккха ша дина нузар кхочуш дарех дерг хаьттина цо пайхмаре (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). Ткъа пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) цунна дуьхьал хаттар дина цуьнга: «Керстанан цIу лаьттаний цигахь, наха цунна лолла (Iибадат) а деш?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа». Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) юха а хаьттина: «ЦIу-динерачара даздар диний цигахь?». Цо жоп делла: «ХIан-хIа, ца дина». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла: «Хьайн нузар кхочуш де ахьа, АллахIана Iеса хуьлуш (дина нузар) а, Адаман кIентан дан ницкъ ца кхочу хIуманехь дина долу нузар а кхочуш деш дац»» (хьадис дийцинарг Абу Дауд ву, цуьнан иснад цхьаьна йогIу Бухарин а, Муслиман а бехкамашца). ☝🏻
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев