И суна тIедиллина, со муьтIахьчарех (бусалбанех) хьалхарниг а ву»» («ал-АнIам»: 162163). Цо аьлла: «Цундела хьайн Далла ламазаш де, гIурба де» («ал-Ковсар»: 2).
Iелас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) диъ хIума дийцира шена аьлла: «АллахIа неIалт аьлла - АллахI воцучуьнан дуьхьа (цIарах) урс хьакхначунна. АллахIа неIалт аьлла - шен дена-нанна неIалт аьллачунна. АллахIа неIалт аьлла - динехь керла хIума юкъадаьккхиначунна лочкъийла еллачунна. АллахIа неIалт аьлла - декъначу латтанан дозанаш хийциначунна» (Муслима дийцина). ТIарикъ бин ШихIаба дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: ««Цхьа стаг ялсамани чу вахана - моза бахьанехь, цхьа стаг жоьжагIати чу вахана - моза бахьанехь». Наха хаьттина: «Ва муха нисделла и, хIай АллахIан элча?». Цо жоп делла: «Цкъа ши стаг хилла шайн цIу йолучу цхьана керста нахана тIехволуш. Цунна тIехвала цхьанненна а бакъо луш ца хилла цара, цунна тIера (аьлла) сагIа даккхалц (гIурба деллалц). ЦIу-динерачара оцу шиннах цхьаьнга аьлла: «СагIа даккха (гIурба де)». Цо жоп делла: «Соьгахь-м яц сагIа даккха хIуммаъ». Цара аьлла: «Моза бей а бе ахьа сагIина (гIурбанна)». Цо оцу цIунан дуьхьа моза сагIина (гIурбанна) бийча, маьрша витира цара иза. И бахьанехь жоьжагIати чу вахана иза. ЦIу-динерачара вукхуьнга аьлла: «СагIа даккха». Цо царна жоп делла: «Доллучуна ницкъ къочуш а, Сийлахь-Воккха а волу АллахI воцучуьнан дуьхьа (цIарах) цхьанненна а сагIа доккхур долуш вац со-м». Цуьнан корта баьккхира цара, ткъа иза ялсамани чу а вахара» (Ахьмад). ☝🏻
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев