АллахIан элчанца (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) мосуьйттазза некъаца цхьаьна нисвелла хилла иза: «Цкъа, омра а дина, геланча вахийтина пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна): «Эмкалийн вортанаш тIера дерриге тишделлачу зIенарх дина туьтеш дIадаха, хадонза цхьа а туьте ма дита (аьлла)». Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезна шена аьлла: «ДоIанаш (юкъахь ширк долу), хIайкалш, молханаш даор - ширк ду» (Ахьмад, Абу Дауд). ХIайкалш – берашна тIе а, логах а ухкуш йолу хIуманаш ю, бIаьрг хиларх уьш лардаран а, кIелхьарадахан а Iалашонца. Нагахь уллуш дерг цIенна КъурIанах делахь - цхьаболчу салафаша магийтина и, царех цхьаболчара ца магийтина и, элчано дихкиначуьнах а лерина. Цамагийначарех ву - ибн МасIуд (АллахI реза хуьлда цунна). ДоIанаш – Iаьрбоша «Iазаимаш» олу царех. Элчанан хьадисо, доIанаш мегаш хилар хаийта, цамегачарна юкъара даьхна юкъахь ширк доцу доIанаш. Юкъахь ширк доцуш долу доIанаш АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), бIаьрг ца хилийта а, саьрмако я сту лоцучу гезго катоьхча а, деша магийна. Молханаш даор – наха лелош хIума ду, цара дийцарехь: зудчунна майра воьзуьйтуш а, майрачунна зуда йоьзуьйтуш а. Ахьмада дийцина РувайфиIан дешнаш: «АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) соьга элира: «ХIай РувайфиI, вехха ваха мега хьо(вахар деха хила тарло хьан). Цундела массо нахана дийцалахь: нагахь цхьамма шен маж дIаехкахь, тишделлачу зIенарх дина туьтеш охкахь, дийнатийн кхеллица я даьIахкаца цIано яхь - Мухьаммад оцу адамах цIена хилар»». СаIид бин Жубайра аьлла: «Адамна (тIера) кочара хIайкал дIадаьккхинарг - цхьа лай хьалха витиначуьнах терра ву» (хIара хьадис ВакиIа дийцина). Оцу хьокъехь ИбрахIима аьлла: «Салафаша и хIайкал, мухха хилча а, ца магадора, КъурIанан аяташ делахь а я дацахь а» (ВакиI).
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев