АллахIна, суна муьлхха а цхьа зен дан лиъча, ткъа Цуьнан зен дIаайдалур дуй цаьрга? Я Цунна соьх къинхетам бан лиъча, ткъа Цуьнан къинхетам сацалур буй цаьрга?». Ала: «АллахI тоьаш ву суна. Оцу цхьанна тIе тевжа тевжарш»» («Аззумар»: 38). Iимран бин Хьусайна (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина: «Цкъа цхьа стаг гина пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), шен куьйгахь можачу цIестан чIуг а йолуш. Цо хаьттина цуьнга: «ХIун ю хIара?». Оцу стага жоп делла: «Пхьарс лазарна лелош ю аса хIара». Пайхамара аьлла: «Хьем боцуш дIаяккха и, муххале а цо алсам доккхур ду хьан пхьарс лазар. Нагахь и чIуг куьйгахь а йолуш хьо лахь, цкъа а декъал хир вац хьо»» (Ахьмад). Цо далийна Iукъбат бин Iамиран хьадис, Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла: «Шена тIе хIайкал оьллинарг - АллахIа цуьнан Iалашоне ма кхачавойла иза, шена тIе лахьорч (раковина) оьллинарг - АллахIа паргIато ма йойла цунна». Кхечу риваятехь ду: «Шена тIе хIайкал оьллиначо - ширк дина» (Ахьмад, ал-Хьаким). Ибн Абу Хьатима дийцина: «Хьузейфас, цхьаьна стеган куьйгахь хоршех Iалашвала лелош тай гича, и хада а дина, хIара аят дешна: «Царех дукхах берш ца теша АллахIах, Цуьнца накъостий нисбеш бен (я Цуьнца ширк деш бен)» («Юсуф»: 106)».
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев