ВАЙ Ч1ОГ1А ТИДАМ Т1Е БАХИЙТА БЕЗАШ ДОЛУ ДЕХАР ДУ Х1АРА....БИСМИЛЛЯХ1!⭕️
Вай бусулба йижарий эвхьаза бохуш болчу вежаршка боху ас х1ара:
🔻Х1ай сан бусулба ваша иза доккха х1ума хетш дуьйцуш ву хьо? аса хьенехер йо1 эвхьаза ма яккхина бохуш" (ас тахана цхьа хьиджаб йоьхна йо1ера номер ма яккхина, мел дика яр алахь, "Астаг1фирулах1" хьиджаб хиларх изам кегийча эвхьаза ер йолуш хилла бохуш!)
🔺Са ваша, Валлах1и хьуна хуийла хьо вукх Аллах1ан ца безначу лайшех цхьаъ, и Фитан д1адижан дар шуна, Аллах1ер наь1алт хуьлда иза г1аттош волчунна аьлла Элчано 1алайх1ис-саляту вас-салям"
🔹Х1ай сан лераме бусулба вежарий , тахана ма сий охьа дахана вай , вайна х1у хилла❓
вайна х1унда деза и боьха дерг❓
вай бусулба йижарий эвхьиза х1унда боху вай❓
кхано вай хене дахчахь - яло зуда ца еза вайна❓йа айхьа эвхьиза йохуш, оьзда мел доцу хабар дицан йолу йо1, кхи г1иллакх доцуш йолу йо1 - хьай бери х1усам нана йа воллу хьо❓
Аллох1у Акбар ва лиЛлях1иль Хьамд❕
🔸Ахь ма йина цунах ишта оьзда йоцу йо1, х1ора х1унда вац бусулба йо1а сий т1е х1отта къонхалла йолуш ?
🔹Вайна ца хаъ Салахьуддин Аййюби-с диниг ше умматах йолу цхьана йо1ан сий т1е кхойдач хьал долу кеста стаг?
🔹Сан ваша Хьуна хаалахь Аллах1ан хьалха хьо кхиа сийсаз ву хьуна ахь и болх лелош мел бу..
➖Яло ц1ена йо1 еза вайна,
Амма вай ц1ена хила буьтуш бац уьш, муьлхаа ша гал яллаг, нис яр хьакъ дар вайн т1ехь , ва амма вай кхиа ц1ерга тоьтту уьш кхиа дакъазалле а, сийсазалле тоьтту вай уьш! ма къа ду вай , х1ай нах ма къа ду вай, вай нис ца лахь , ма къа ду вай, ма хир бу вайна бекхам,
Бекхам беш Верг, Хастаме верг, Ницкъ Берг, Массо х1уман т1ехь нийсо еш Верг, цкъаа вицлуш вац, Наб кхеташ вац. ма Бийр бу цо бекхам х1оранне а...АльхьамдулиЛлях1.
🔹Аллах1а бекхам боцуш хьо вуьтар ву моьттуш хьо валахь - х1ай-х1ааат иза генар ду хьуна ( Аллах1а бекхам бийр бу хьуна - ахь динниг кхечунна - кхана хьун д1а - декхалур ду хьуна❕
"иф1аль ма шиъта кама тадийну тудан" хьайна луаг де ахь , ахь динчунца хир бу хьуна бекхам, т.е хьо нахаца ма хилларе , нах хир бу хьоьца...
➖Х1ай сан ваша сийлалла яц хьуна неха йо1 сий дайъарх, цунгахь хьекъал дацахь иза кхето езаш ма вар хьо , цунна хьехар да дезаш ма вар хьо..
▪️Вай бу шуна, наной, йижарий, йо1ри. вай ц1ахь берш биц бина вай❓
Уьш муьлхачу хьолехь бу хууш дуй вай❓хийла дика , оьзда йо1 1ехийна шуна и санна долчу къамелашца..❕
иблис а1узубиллях1 ше болх беш ду шуна, нахана хетар шуна шай ц1ахь болу йижарий дика а, оьзда а бу..
делахь а, вай ойхьаза боху уьш. Дала бекхам бийр хилар диц ма делахь ахь неха йишийна диниг - хьан йишийца доькхар ду Дала , йа доьзалхочунца доькхар ду Дала.
массо меттехула Россияхула зинаш деш буьйла белла лели зуда яло хан ма хиллехь, х1инца суна ц1ена , дика яло йо1 еза олу вай субхьаналлах1, хьуна муха еза ц1енниг, хьо ц1ена ца хилчахь, хьуна муха еза диканиг хьо дика воцуш? вай уьш буьтш бац , ц1ена хила а, йа дика хила а, х1ора вашас , уггар хьалха сайг дуьллу ас иза, ше чохь йолу йиша , х1усам нана, йо1 , долалла деш далхьари, цера телефонш, церан компутерш, цара муха лелош ю, хьовсахьари...и фитнаш, и балнаш, и эрчаллаш, и зулмаш хир дацар вайн юкъахь..
Йижри шоьга дехар до ас.... жимма шай сий ларда 1ам дайш шайна....дешнашца шаьш 1еха ма дайдата, шаьш тила ма дайта , шаьш тилла болуш, нах тилош болчаьрга..
🔴Аллах1ах тешаш долуш, вай сий долу Элчанна умматах ма ду вай 1алайх1ис-саляту вас-салям...вайна там болуш дац....Ислам дин г1ел деш долу бахьанаш вайгар схьа дийлитар...Аллах1а со а, шу а, вай массо нис дойла нийсачу новкъа-т1ехь амин!
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1