Алиев Мохьмад
Дахаран къайленаш ма дукха ю-кха,
Цхьаъ вагаво цо, кхиниг цо хьосту,
Цхьатера доцуш цо некъаш а ло-кха,
Хьаналца велахь, цунна юкъ йосту!
Тешнабехк, ямартло цо цкъа ца юьту,
Ткъес тухий вагаво тешшуьйте шех,
Ч1ир йоцуш къайлаха динарг ца дуьту,
Х1оранна гойту цо ницкъ мел бу шехь.
Ловзаво, хьоьсту цо кура хьо вохуш,
Дозаллех дуьззина дахчадо дог,
Х1ун дер-те бахуьйту нахе хьо воцуш,
Галваллалц буьллуьйту хецна цо ког.
Амма т1екхочу де ц1аро и морцуш,
Хьараман бахамаш чим хуьлий бов,
1есаллех хьаьрча и 1амал яр доцуш,
Къинойхха-м туьллу-кха цо шена тхов!
Декъаза некъ хьаьрчий и вужу вогий,
Мацах д1атиттина накъостий го,
Куьг кховдо сан цаьрга юхь яц-кха олий,
Къизачу дахарна ша аьшна во.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев