Азаллехь кхоьллинчу синойх са къастош,
Дуьненчу со вала хьехначу дийнахь,
Къевлина со мара воьллина хьостуш,
Нана, хьайн къинхетам баржийра кийрахь.
Дуьххьара серлоне биллина б1аьргаш,
Нана, хьан аматах хьаьрчира д1а,
Шалхонаш йоцучу безаман 1аьршаша,
Кхиаме даьккхира дег1ера са.
Мацвелла, шелвелла со гарна кхоьруш,
Сан багара йолу 1а ларйина ахь,
Буьйсанна мерзачу набарха юьйлуш,
Техкийна ца луш хьайн дагчуьра яхь.
Юххера д1аяьлла со цхьалха висича,
Б1аьргашца хьо лоьхуш аз дуьйлура,
Ког баккха 1емина ага сох дисича,
Нана, хьоьга мохь бетташ т1аьхьа уьдура.
Ткъа х1инца кхиийна, лелийна яьлла,
Дег1ера могшалла ца кхоош хьайн,
Делахь а Ненан дог парг1ат ца даьлла,
Нана, хьан дагчохь со-м жима бер дай.
Сан хьоме, лераме, со вина Нана,
Хьан меха дуьненчохь х1умма а дац!
Доьху хьоьга даггара къинт1ера яла,
Хьо йолуш сол ирсе кхин цхьа а вац!
(Ойбуев Сайд-Хьасан)
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев