Шу йицъеш, кхин бахка хир буй-техь баланаш.
Боккъала бакъ долуш гуш дуй-техь мел гушдерш,
Я г1ан ду х1иттош дерг шен буьрса г1аларташ:
Орцане мохь бохуш, сахаьдда хьийзашберш,
Чохь баха нах боцуш йисина х1усамаш,
Бомбанийн г1овг1ано 1адийна адамаш,
Декъашка марзделла ж1алеша лелош дерш,
Дедайна, г1аддайна нохчаша мел лайнарш,
Къанбелчу б1аьргашца берашна мел дайнарш,
Са долуш б1аьхочо дитина весеташ,
Аганаш дагадеш ехкина алунаш.
Дагийна дайинчу адамийн даь1ахкаш,
Доьзалан х1у дойуш бисинчийн ойланаш,
Акхачу арданго яржийна къизаллаш,
1аьржачу балано къежбина кегийнарш,
Берашна та1зар дан х1иттийна танг1алкхаш,
Адамийн ц1ийх буьзна, хьербевлла чалтачаш,
Кешнаша д1алецна йист йоцу аренаш,
1адийна цецъевлла севцина заманаш.
Заманаш, заманаш, маржа-я1, заманаш,
Шу йог1уш, шу йоьлхуш муьлхарш ю тачанаш?
Тахнено 1адийнчу мискачу нохчашна
Х1ун дахьаш йог1ур-техь аш яхьа кханенаш?
Г1апур Алиев.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев