Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) церан хьокъехь аьлла: «Цхьа тайпа а денош дац, шайна чохь йина Iамал АллахIна дукхаезаш, хIокху итт дийнахь йиначу Iамалал». Цара (сахьабаша) аьлла: «АллахIан дин толо деш долу жихIад дац?». Цо аьлла: «АллахIан дин бахьанехь деш долу жихIад а дац, шен даьхница ша араваьлла стаг воцург, цунах цхьа а хIума духа ца деъна волу».
[Абу Да́ву́д: 2438]
Пайхамара (саллаллахIу IалайхIи ва саллам) цу хьадисехь вайна билгалдина кху итт дийнахь йиначу Iамалал а АллахIна дукхаезаш Iамал ян а яц, цхьа Iамал йоцург аьлла, иза муьлха Iамал ю аьлча шен даьхница а, шен дегIаца а гIазоте ара а ваьлла, ша цигахь дIа а кхелхина, шен даьхни а цигахь харжйина дIадахийтар, иштта йина йолу и цхьа Iамал ю АллахIна кху итт дийнахь йиначу Iамалал а дукхаезаш, кхин цхьа а Iамал яц АллахIна дукхаезаш кху итт дийнахь йиначу Iамалал а, оццула деза ду кху итт денчохь шега ялуччул муьлха а дикачу Iамалехь совволуш къахьегар.
Баккъалла а, вайх хIокху дуьненахь муьлхха адамна цхьа стаг везча, шен ницкъ кхочуш долу уггар лакхараниг а, доккханиг а дан къахьоьгу цо иза ирсе а, декъала а варан дуьхьа. Цунна дезачу хIуманца цуьнан гергара хилар лоху цо. Ткъа АллахI везар уггар сийлахь-доккха везар хила дезаш ду хIора бусулбанан дагчохь. Иза иштта хила муха ца деза?... Вайгахь мел долу ниIмат ишттанехьа вайна латтош верг АллахI хилча. Цундела вайн декхар ду АллахIан гергара хила гIортар, Цунна мел дезаш долчу хIуманца. Цунна цадезаш мел долчу хIуманах къахкар а. АллахIна ваьш дезар даккхаран дуьхьа.
ТIаккха кху итт дийнахь ян мегар йолчу Iамалех коьрта йолу Iамалш:
1- Марха кхабар шен ницкъ кхочучу барамехь, амма дукха кхаба ницкъ ца кхачахь шега кхабалуччул кхобур ду, цхьа марха бен ца кхабалахь а. Марха кхабар уггар дикачу Iамалех цхьаъ йолун дела. Цхьана дийнан мархано жоьжахатенах бусалба генавоккхуш хиларна кхузткъе итт шарна.
Делахь а, марха исс дийнахь бен кхобуш дац, иссалгIа де Iарафат де ду иза уггар деза дерг а ду, и иссалгIа де а кхобур дац хьаж дан вахана Хьаж-цIахь волчо, цунна бархl кхаба бен мегар дац, амма итталгIа де - иза гIурбана урс хьокху де ду, цу дийнахь марха кхабар хьарам ду, и де цхьаммо кхобур дац.
2- Къуръан дешар, шен ницкъ кхочучу барамехь, дийнахь цхьа жуз дешна а.
3- АллахI дукха хьехор, муьлххачу кепехь, масала: «АллахIу акбар» бахар, «субхьа́наллахI» бахар, «алхьамдулиллахI» бахар, «ла́ ила́хIа иллаллахI» бахар, «астагIфируллахIи ва ату́бу илайхIи» бахар, «ла́ хьавла ва ла́ къуввата илла́ биллахI» бахар, «субхьа́наллахIи вабихьамдихIи» бахар, иштта кхин муьлхха а кепара АллахI хьехор.
4- Iуьйранна а, суьйранна а доьшуш долу азкараш дешар.
5- ДIавуьжуш а, самаваьлча а доьшуш долу азкараш дешар.
6- Борша стага пхиэ ламаз маьждигехь жамаIатца дар, маьждиге вахаза виснехь шен чохь дина а жамаIатца дар, иштта зудчо шен чохь жамаIатца лар дар.
7- Фарз ламазашца хоттаделла долу суннат ламазаш дар.
8- ТахIажжуд ламаз дар, дIавижале дина а.
9- Духьа ламаз дар, ши ракаIат дина а.
10- Иштта кхийолу ерриг дика Iамалш совъяхар, масала: доIанаш дар, сагIина хIума ялар, дена-нанна дика хилар, гергарлонаш леладар, диканиг де алар, вониг ма де алар, и доцург кхин а и саннарш.
Ткъа дика Iамалш цу итт дийнахь муьлха а цхьана денчохь яр яц коьрта Iалашо, мелхо а, коьрта Iалашо цу итте а дийнахь яр ду, цхьа а де дIа ца дохуьйтуш, цу денчохь дика Iамал ца еш, шен ницкъ кхочучу барамехь, амма вай ягарйина и Iамалш бусалба стеган шен дахарехь даима а хила езаш йолу Iамалш ю, делахь а, кху итт дийнахь къаьсттина чIогIа ларор ю.
Ткъа и итт де 02.08.2019 долалуш ду.
https://chat.whatsapp.com/Klnu6FT43v0HjlnnRD00mW
https://chat.whatsapp.com/Klnu6FT43v0HjlnnRD00mW
https://chat.whatsapp.com/GMw57KC5b7k6SnwVqiybKh
https://chat.whatsapp.com/CmurctJ17vcJMfmnVUmt4g
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев