Срочно! Помоги! 😭‼‼‼‼‼‼‼‼‼‼Извини за то что я сейчас напишу 😥 Мне не кого спросить больше............Простит ли меня Аллах за такое это же большой грех😭 Текст къайл яккха, анонимно е😓 Аллах1 рез хуьл
Жоп: Ваlалайкумуссаламу варахьматуллахlи ва баракатухl!
Аллах1а геч дойла хьуна, Аллах1 къинт1ера волийла хьуна.
Амма хьан кхолла луш долу хаттарш, иза хьайна ямарт хунда хилла, цо иштта дерг х1унда дина, цо хьай дахар дохийна бохуш долу и дерриге хаттарш цунг дала дог1уш ма дац, уьш хьоьга дала дог1уш хаттарш ма ду деррише! хьан къамелц гуш ду хьо ц1ен йо1 хилар, динц долчунна, г1иллакхца долчунна хьа кхетам хилар а гуш ду, оццула и дерриге доллушехь ахь муха магина хьайна и санна дерг?! хьо ма ю айхьа хьайна ямарт хилларг и вац, цо ша лело хьакъ дерг лелина, шен 1алашо чекх яккхина, амма оццула кхетамца йолу хьуна хунда ца хиъна ишттачух лар яла?! Иштта хьарам некъ цо хьайна дуьххьар т1е ма кховдинехь, кхана д1аюгур йолуш йиллина хан елахь а хьо санна чух суна хусам да хир вац аьлла ша волч ахь 1ада х1унда ца витна иза?! и ма дар хьуна хаьа дезаш дерг, баккъала иштта хьарам некъ хьоьца лело ойла йолуш цо и т1е ма кховдинехь хаьа дезаш ма дар хьуна иза айхьа 1ад вита везаш вуй, суна хьо гуч веккхина Далла хастам букх аьлла! 1еха яла езаш ма яцар хьо, адмех а, жинех а долу шиэ шайт1а т1е доьлла шай 1алашо чекх яккхина цара хьоьца, шайт1ан болх иштта ма бу даимна, лаахь ца лаахь оли т1аьхьар ца долуш хьоьга цхьа къа дойту, т1аккха ахь и къа да ма диннехь хьой йолче хьо 1ад юти юстах долу, и ду цу к1анта хьоьца лелинарг, амма дуьххьара цо иштта дерг т1е ма кховдинехь г1уллакх д1а ца хадорна бехк бу хьан! Оцу к1анталла, и санна волчу кхи миллион к1анталла лакхар хета дезаш ма дар хьуна хьай сий, хьай сий т1е кховда цунна дага деани ма хианехь иза ша волч вита цхьа а мах хета безаш ма бацар хьуна! Муьлхха к1ант иштта болу некъ хьайга кховда ма бин хаьа ма деза хьуна цо хьай мах лахар хадини, цо хьа мах лахар хадина ца хилча цунна луур ма дацар хьоьца хьарам некъ лело, иштта некъ хьайга кховда ма бин хаьа дезаш ма дар хьуна иза хьоьх шена хусам нана ял ойла йолуш воци, хусам нана яхь а цхьа временно хан яккхина ц1а яита г1ерташ вуй, мел боьха к1ант велахь а цунна ша зуда ялочу хена уггар ц1ен ерг ма еза, мел боьха к1анта а ша хьо д1аюгур йолуш ю, кхана вайшин йиллина хан ю аьлла хьоьга иштта хьарам некъ кховдича, хьуна оццехь хаьа дезаш ма ду и к1ант хьоьх шена хусам нана йин, шен бери нана йина кхаба 1алашо йолуш воци, я йига ойла йолуш хир вац иза, хьоьга харц дерг дуьйцуш иштта шен боьха 1алашо хьоьца чекх яккха хьо 1еха яш лелаш ву хьуна, я йигахь временно югуш ю хьуна, я хьа ахча ду аьлла югуш ю хьуна, иза а временно хуьлу, амма хьоьх шен бери нана ян ойла йолуш цо хьоьга иштта некъ кховдор бу бохург цкъа а бакъ дац, иштта хьарам боьха некъ лелош волчу к1анта а шена иштта некъ лело даг деъча, ша яло г1ерташ волчу йо1е ца кховдош, цхьана кхечу йо1на ма воьду! цхьа а шеко йоцуш муьлхха йо1на йовза езаш ю к1ента и ямартло, кхана д1аюгур ю аьлла йиллина хан йолуш, зуда яло кеч велла волуш цо хьоьга иштта некъ кховда бахь а цхьа а шеко йоцуш иза лууш вац хьоьца т1аьхьло йолуш х1ума, временно маре йоьдуш юй хаьа деза хьуна оццехь айхьа иза 1ад ца витахь! Хила тарло, иштта дерг дожа доьжна, цул т1аьхьа йига йигна, д1аса ца къесташ бехаш берш, амма цхьа а шеко яц иштта ваха цу к1ента 1алашо хилла ца хилар т1ехь, делахь Дала яз дарна, цхьац бахьнашна д1ас ца къесташ бисна хир бу, амма оцу к1ента иштта цу йо1ца ваха 1алашо хилла яц цу йо1 хьарам некъ цо кховдинехь ша яла ялле, цу т1ехь цхьа а шеко яц, дукх дика йо1на довза дезаш х1ума ду иза!
Делахь муьлхха адам г1алат долуш хуьлу, Дала иштта г1алат долуш кхоьллина ду адам, ткъа Аллах1 муьлхха къан геч деш ву, даггар дохко ваьлла шега вирзича, шега геч дар дехча, и санна дерг ша кхин цкъа а долуьтар дац аьлла дог ойла ч1аг1 йина шегар геч дар дехча геч деш, къинхетам беш ву Аллах1, хьан дахар доха ца доьхна, я хьуна хьой боьха хета а ца еза, даггар дохко яле Аллах1е геч дар деха, юххула лар иштта ямартнахах, иштта ямартнах хуьли девзан хьуна, иза ду ше кепар пайде, кхин доккха боьха хьарам дерг хьоьгар далле иза девзина.
Амма иза бекхам боцуш Аллах1 вуьтар вац, цу т1ехь цхьа а шеко яц, хьо цунна къинт1ера ялахь ца ялахь, ахь цунна бекхам бе бохуш до1 дахь ца дахь цунна бекхам Дала бир бу, я шен ненац, я шен йишиц, я шен хусам ненац, я шен йо1ца, хьенц хилла бекхам хир бу, цу т1ехь шеко яц, делахь х1ора х1уманна Дала язина хан ю, ше хан т1е кхечча бен кхочуш ца хуьлуш
https://chat.whatsapp.com/Klnu6FT43v0HjlnnRD00mW
https://chat.whatsapp.com/Klnu6FT43v0HjlnnRD00mW
https://chat.whatsapp.com/GMw57KC5b7k6SnwVqiybKh
https://chat.whatsapp.com/CmurctJ17vcJMfmnVUmt4g
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 1