Предыдущая публикация
مذهب امام الشافعي رحمه الله تعالى
25 сен 2012
предложил
عبدالمالك الرءوف الرحيم
Вступить
متن أبى شجاع و ما زيد عليه بالشيشانية
Комментарии
4
عبدالمالك الرءوف الرحيم
Автор
بسم الله الرحمن الرحيم*
(АЛЛАХl-ДЕЛАН ЦlАРЦА [дола до ас] ША КЪИНХЕТАМЕ ВОЛЧУ, ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВОЛЧУ)!
<Комментари>
Бисмил пхеа дашах лаьтташ ду: БИ-ИСМИ-АЛЛАХlИ-АРРОХЬМАНИ-АРРОХЬИМИ.
И дешнаш вовшах хуттуш, хьалхарчул тlаьхьарчу дешнийн хьалхара мукъа элпаш дlадоху lаьрбийн маттахь.
(БИ)-<предлог> олу дакъолг ду, накъосталла дайтарна я гlо лахарна далийна, вайн маттахь дешчаккхе ю и <-ца> олуш йолу, масала: цlар-ца. Тlаккха цуьнан маьlна хуьлу: АЛЛАХl-ДЕЛАН накъосталла деш, цуьнца сайна беркат хиларна гlо лохуш дола до ас.
(ИСМИ)-lаьрбийн маттахь и дош даьккхина <локхалла> я <билгало> бохучух, цуьнан маьlна ду <цlе>.
(АЛЛАХl)-иза долахь цlе ю ДЕЛАН ША БАКЪ ВОЛЧУ, ША ЦХЬАЪ ВОЛЧУ, ШЕЦА цхьаа накъост воцуш, доцчигара хlума ША КХУЛЛУШ ВОЛЧУ, цхьанге а ША хьаште ВОЦУШ, ШЕГА массо а хlума хьаште долуш ВОЛЧУ, ША ВУЙЛА хаарца ША каравар массарна а тlедоьжна декхар долуш ВОЛЧУ. И Цlе ДАЛА ША тиллина ю ШЕНА, цхьана а хlуманна цlе тиллале хьалха.
...Ещё
بسم الله الرحمن الرحيم*
(АЛЛАХl-ДЕЛАН ЦlАРЦА [дола до ас] ША КЪИНХЕТАМЕ ВОЛЧУ, ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВОЛЧУ)!
<Комментари>
Бисмил пхеа дашах лаьтташ ду: БИ-ИСМИ-АЛЛАХlИ-АРРОХЬМАНИ-АРРОХЬИМИ.
И дешнаш вовшах хуттуш, хьалхарчул тlаьхьарчу дешнийн хьалхара мукъа элпаш дlадоху lаьрбийн маттахь.
(БИ)-<предлог> олу дакъолг ду, накъосталла дайтарна я гlо лахарна далийна, вайн маттахь дешчаккхе ю и <-ца> олуш йолу, масала: цlар-ца. Тlаккха цуьнан маьlна хуьлу: АЛЛАХl-ДЕЛАН накъосталла деш, цуьнца сайна беркат хиларна гlо лохуш дола до ас.
(ИСМИ)-lаьрбийн маттахь и дош даьккхина <локхалла> я <билгало> бохучух, цуьнан маьlна ду <цlе>.
(АЛЛАХl)-иза долахь цlе ю ДЕЛАН ША БАКЪ ВОЛЧУ, ША ЦХЬАЪ ВОЛЧУ, ШЕЦА цхьаа накъост воцуш, доцчигара хlума ША КХУЛЛУШ ВОЛЧУ, цхьанге а ША хьаште ВОЦУШ, ШЕГА массо а хlума хьаште долуш ВОЛЧУ, ША ВУЙЛА хаарца ША каравар массарна а тlедоьжна декхар долуш ВОЛЧУ. И Цlе ДАЛА ША тиллина ю ШЕНА, цхьана а хlуманна цlе тиллале хьалха. И Цlе тилла мегар дац кхоьчунна цхьанна а. Шайх Ахьмад Совийн тафсирехь дийцина: "Цхьа зуда хилла шен кlантана цlе <АЛЛАХl> тиллина, тlаккха цу кlантана тlе йогуш йолу цlе а йоьссина, цо иза вагийна дlаваьккхина".
(АРРОХЬМАНИ, АРРОХЬИМИ)-и ши цlе ДЕЛАН куццlерех ю. <АРРОХЬМАН>: ША КЪИНХЕТАМЕ ВЕРГ, <АРРОХЬИМ>: ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВЕРГ,-бохург ду. <АРРОХЬМАН>-бохург къинхетамехь совдолуш ду <АРРОХЬИМ>-бохучулла а, цундела элпашкахь а сов ду <АРРОХЬМАН>. И ши куццlе тарйина йоьгlна ю <къинхетам>-бохучу масдарах. <Къинхетам>-и дог кlеда хилар а, цхьаннах дог лазар а, син уьйра ластар а ду; тlаккха кхоьллина долчу адамехь иштта хуьлуш долу хьал хила тарлуш дац ДЕЛЕХЬ, ША ЛЕКХА-ЦlЕНА ВОЛЧУ даиманна а; цундела цхьабосса дац адам къинхетаме хилар, ДЕЛА КЪИНХЕТАМЕ ХИЛАР а; адамо къинхетам бар, ДАЛА КЪИНХЕТАМ БАР а; (хlунда аьлча) АЛЛАХl-ДЕЛА ХИЛАРНА ША ТЕРА ВОЦУШ цхьаннах а я ШЕХ тера доцуш цхьа хlума а. ДЕЛА КЪИНХЕТАМЕ ХИЛАР дlакхочу бусалбанашка а, керистанашка: рицкъа, могашалла, хьуьнар, кхиндерг даларца. ДАЛА КЪИНХЕТАМ БАР дlакхочу къаьсттина бусалба нахе: къиношна геч дарца, диканиг гайтарца, и дага тасарца, уьш нийса новкъа нисбарца, са далар атта дарца, хьесап дар дай дарца, уьш ялсамани бахийтарца, иштта кхиндlа а.
<РОХЬМАН> цlе къаьсттана ДЕЛАН куццlерех ю, цундела иза туьллуш яц кхоьчунна.
Имам Насафийс шен тафсирехь пайде хlума дийцина Бисмиллин хьокъехь: ((ДАЛА стиглара дуьненчу 104 жайна доссийна: 60 жима жайна Шиса-пайхамаре доссийна, 30 жима жайна Иброхlим-пайхамаре доссийна, 10 жима жайна Муса-пайхамаре доссийна Товрот доссадале хьалха, Товрот а, Инжил а, Забур а, Къур'ан а доссийна. Цу дерриге жайнашкахь долу маьlнаш гулдина Къур'на чохь, Къур'анан маьlнаш гулдина Фатихьат [суротана] чохь, Фатихьатан маьlнаш гулдина Бисмиллина чохь,
Нет комментариев
Новые комментарии
عبدالمالك الرءوف الرحيم
Автор
Бисмиллин маьlнаш гулдина цуьнан <Б>-элпанчу; цуьнан маьlна ду: <Би кана ма кана во би йакуну ма йакуну=СОЬЦА [САН ЛААМЦА, САН НУЬЦКЪАЦА] хилла ду мел хилларг, СОЬЦА хир долуш ду мел хиндерг>. Цхьаболчара аьлла: <Б>-элпан маьlнаш цуьнан тlадамехь ду. И тlадам бац цунна
Нет комментариев
Новые комментарии
عبدالمالك الرءوف الرحيم
Автор
бухарниг, и бу доьххьарлера тlадам, элп дилла доладечу хенахь буьллуш болу)).
Тlаккха, цу тlадамна тlера дlа а долалуш, хlора элп кхочуш хиларе терра, ДЕЛЕРА схьакхочуш хилла а, хуьлуш а, хир долуш а ду хlора хlума.
Iаьрбийн маттахь дагар дича, Бисмиллин элпаш 19 ду, жоьжагlатина тlехlиттийна долу маликаш 19 ду. Цу хьокъехь Масlудан кlанта аьлла: "Тlаккха, милла велахь а, цу 19 маликах ша ДАЛА ларвойла лууш хилла верг, цо доьшийла [дуккха а] Бисмилла, тlаккха ДАЛА йийра ю цунна хlора элпаца дуьхьало [цу хlора маликах]. Тlаккха, баккъалла а уьш ду шаьш и олуш шайн массо а белхашкахь. Тlаккха цуьнца бу церан кхача-ницкъ, цуьнца дузуш-lебаш а ду уьш".
ДЕЛА реза хуьлда Iелина, цуьнгара дийцина: "Цхьаа жайна [я кехат] дац ша лаьтта охьакхуссуш, шена чохь [яздина] <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ> долуш, ДАЛА дохуьйтуш бен маликаш, шаьш го бан цунна тlехь шайн тlемашца, ДАЛА ваийтталца [аьлла] ШЕН авлияэх волу валий [ШЕН юххера гергара стаг], цо хьалаойбар долуш и [жайна
...Ещё
бухарниг, и бу доьххьарлера тlадам, элп дилла доладечу хенахь буьллуш болу)).
Тlаккха, цу тlадамна тlера дlа а долалуш, хlора элп кхочуш хиларе терра, ДЕЛЕРА схьакхочуш хилла а, хуьлуш а, хир долуш а ду хlора хlума.
Iаьрбийн маттахь дагар дича, Бисмиллин элпаш 19 ду, жоьжагlатина тlехlиттийна долу маликаш 19 ду. Цу хьокъехь Масlудан кlанта аьлла: "Тlаккха, милла велахь а, цу 19 маликах ша ДАЛА ларвойла лууш хилла верг, цо доьшийла [дуккха а] Бисмилла, тlаккха ДАЛА йийра ю цунна хlора элпаца дуьхьало [цу хlора маликах]. Тlаккха, баккъалла а уьш ду шаьш и олуш шайн массо а белхашкахь. Тlаккха цуьнца бу церан кхача-ницкъ, цуьнца дузуш-lебаш а ду уьш".
ДЕЛА реза хуьлда Iелина, цуьнгара дийцина: "Цхьаа жайна [я кехат] дац ша лаьтта охьакхуссуш, шена чохь [яздина] <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ> долуш, ДАЛА дохуьйтуш бен маликаш, шаьш го бан цунна тlехь шайн тlемашца, ДАЛА ваийтталца [аьлла] ШЕН авлияэх волу валий [ШЕН юххера гергара стаг], цо хьалаойбар долуш и [жайна я кехат лаьттара]. Тlаккха, милла велахь а, ша хьалаайбина верг жайна [я кехат], шена чохь [яздина] Бисмилла а долуш, ДАЛА хьалаойбар ю цуьнан цlе сов лакхахь, лакхарчу даржехь болчу ахlлуна юккъехь; ЦО геч а дийра ду цунна а, цуьнан дена а, нанна а цунах долчу беркатаца". ДЕЛЕРА солат, салам хуьлда вайн пайхамарна, цуьнгара дийцина: 1-"Милла велахь а, ша дешна верг <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ>, иза хила а волуш иман диллина, тасбихь до ламанаша цуьнций цхьана, и [цхьа хlума] доцург: церан тасбихь хезаш дац";
2-"[ДЕЛАН] лайно аьлча: <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ>,-бохург, ялсаманис олу: <<Лаббайка-ЛЛОХlУММА во саlдайка! Хlай сан ДЕЛА! Баккъалла а ХЬАН лай волчу хьенехас эли: <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ>, хlай АЛЛАХI-ДЕЛА! АХЬ гена ваккха-хь иза жоьжагlатах, АХЬ иза чу а воллахь ялсаманина>>"! <Лаббайка-ЛЛОХIУММА>-бохург ду: <Со ХЬОЬГА вирзи, ХЬУНА муьтlахь хиларна тlехь а ву, ХЬАН амрунна тlевирзина а ву, ХЬУНА хьалха хlоьттина а ву юх-юха жоп дала>! <Саlдайка>-бохучуьнан маьlна ду: <Декъал варал тlаьхьа а декъал вар ХЬАН [карахь] ду>!
Жайна яздина волчо шен жайна дlадолийна Бисмиллица, цуьнца дlадолийна долчу Сийлахьчу Къур'анна тlаьхьвазаран а, хьадисца lамал яран а дуьхьа. И хьадис ду: "Хlора тlаламе болу болх, ша дlаболош боцу шегахь <Бисмил> аларца, тlаккха и [болх] сов хаьдда хир бу"!
<Хаьдда хир бу>-бохучуьнан маьlна ду: <И болх кхачаме а хир бац, шегахь беркат кlезиг долуш а хир бу>. Беркат кlезиг хилар цу балхе хьаьжжина хир ду, масала: <Бисмил> ца олуш я ца яздеш жайна гулдича, цу жайнах пайда кlезга оьцур бу наха, тlаккха мел кlезга хир бу и яздина волчунна; кхача биъча, дегlана пайда кlезиг хир бу цуьнгахь; Къур'ан дешча, иза доьшуш волчунна пайда кlезиг хир бу, шайтlано вониг дагчу тийсарна; иштта кхиндlа а.
<Бисмиллина> тlаьхьа ДАЛЛА хастам бина жайна яздина волчо,
Нет комментариев
Новые комментарии
عبدالمالك الرءوف الرحيم
Автор
иштта Сийлахьчу Къур'анна тlаьхьавазарна а, хьадисца lамал яран а дуьхьа. И хьадис ду: "Хlора тlаламе болу болх, ша дlаболош боцу шегахь <Алхьамду ЛИЛЛАХIИ> аларца, тlаккха и [болх] сов хаьдда хир бу"!
Тlаккха
Нет комментариев
Новые комментарии
Новые комментарии
Для того чтобы оставить комментарий,
войдите
или
зарегистрируйтесь
Следующая публикация
Закрыть
Свернуть поиск
Сервисы VK
Mail
Почта
Облако
Календарь
Заметки
VK Звонки
VK Почта
ТВ программа
Погода
Гороскопы
Спорт
Ответы
Авто
Леди
ВКонтакте
Ещё
Войти
Мы используем cookie-файлы, чтобы улучшить сервисы для вас. Если ваш возраст менее 13 лет, настроить cookie-файлы должен ваш законный представитель.
Больше информации
Разрешить все
Настроить
مذهب امام الشافعي رحمه الله تعالى
Лента
Темы
6
Видео
Участники
18
Фильтр
Все темы
Abowd Abowd
добавлена 5 марта 2019 в 15:06
Заметка удалена или не является публично доступной
Комментарии
0
0
Класс!
0
عبدالمالك الرءوف الرحيم
добавлена 25 сентября 2012 в 00:28
متن أبى شجاع و ما زيد عليه بالشيشانية
Комментарии
4
0
Класс!
2
عبدالمالك الرءوف الرحيم
добавлена 20 сентября 2012 в 18:37
التفسير
Комментарии
0
0
Класс!
2
عبدالمالك الرءوف الرحيم
добавлена 20 сентября 2012 в 18:37
الحديث
Комментарии
5
0
Класс!
1
عبدالمالك الرءوف الرحيم
добавлена 20 сентября 2012 в 18:37
الفقه
Комментарии
4
0
Класс!
1
Поиск по темам в группе
Напишите, что Вы ищете, и мы постараемся это найти!
Левая колонка
Всё
6
Вступить в группу
Присоединяйтесь — мы покажем вам много интересного
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Войти
Зарегистрироваться
Комментарии 4
(АЛЛАХl-ДЕЛАН ЦlАРЦА [дола до ас] ША КЪИНХЕТАМЕ ВОЛЧУ, ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВОЛЧУ)!
<Комментари>
Бисмил пхеа дашах лаьтташ ду: БИ-ИСМИ-АЛЛАХlИ-АРРОХЬМАНИ-АРРОХЬИМИ.
И дешнаш вовшах хуттуш, хьалхарчул тlаьхьарчу дешнийн хьалхара мукъа элпаш дlадоху lаьрбийн маттахь.
(БИ)-<предлог> олу дакъолг ду, накъосталла дайтарна я гlо лахарна далийна, вайн маттахь дешчаккхе ю и <-ца> олуш йолу, масала: цlар-ца. Тlаккха цуьнан маьlна хуьлу: АЛЛАХl-ДЕЛАН накъосталла деш, цуьнца сайна беркат хиларна гlо лохуш дола до ас.
(ИСМИ)-lаьрбийн маттахь и дош даьккхина <локхалла> я <билгало> бохучух, цуьнан маьlна ду <цlе>.
(АЛЛАХl)-иза долахь цlе ю ДЕЛАН ША БАКЪ ВОЛЧУ, ША ЦХЬАЪ ВОЛЧУ, ШЕЦА цхьаа накъост воцуш, доцчигара хlума ША КХУЛЛУШ ВОЛЧУ, цхьанге а ША хьаште ВОЦУШ, ШЕГА массо а хlума хьаште долуш ВОЛЧУ, ША ВУЙЛА хаарца ША каравар массарна а тlедоьжна декхар долуш ВОЛЧУ. И Цlе ДАЛА ША тиллина ю ШЕНА, цхьана а хlуманна цlе тиллале хьалха. ...Ещёبسم الله الرحمن الرحيم*
(АЛЛАХl-ДЕЛАН ЦlАРЦА [дола до ас] ША КЪИНХЕТАМЕ ВОЛЧУ, ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВОЛЧУ)!
<Комментари>
Бисмил пхеа дашах лаьтташ ду: БИ-ИСМИ-АЛЛАХlИ-АРРОХЬМАНИ-АРРОХЬИМИ.
И дешнаш вовшах хуттуш, хьалхарчул тlаьхьарчу дешнийн хьалхара мукъа элпаш дlадоху lаьрбийн маттахь.
(БИ)-<предлог> олу дакъолг ду, накъосталла дайтарна я гlо лахарна далийна, вайн маттахь дешчаккхе ю и <-ца> олуш йолу, масала: цlар-ца. Тlаккха цуьнан маьlна хуьлу: АЛЛАХl-ДЕЛАН накъосталла деш, цуьнца сайна беркат хиларна гlо лохуш дола до ас.
(ИСМИ)-lаьрбийн маттахь и дош даьккхина <локхалла> я <билгало> бохучух, цуьнан маьlна ду <цlе>.
(АЛЛАХl)-иза долахь цlе ю ДЕЛАН ША БАКЪ ВОЛЧУ, ША ЦХЬАЪ ВОЛЧУ, ШЕЦА цхьаа накъост воцуш, доцчигара хlума ША КХУЛЛУШ ВОЛЧУ, цхьанге а ША хьаште ВОЦУШ, ШЕГА массо а хlума хьаште долуш ВОЛЧУ, ША ВУЙЛА хаарца ША каравар массарна а тlедоьжна декхар долуш ВОЛЧУ. И Цlе ДАЛА ША тиллина ю ШЕНА, цхьана а хlуманна цlе тиллале хьалха. И Цlе тилла мегар дац кхоьчунна цхьанна а. Шайх Ахьмад Совийн тафсирехь дийцина: "Цхьа зуда хилла шен кlантана цlе <АЛЛАХl> тиллина, тlаккха цу кlантана тlе йогуш йолу цlе а йоьссина, цо иза вагийна дlаваьккхина".
(АРРОХЬМАНИ, АРРОХЬИМИ)-и ши цlе ДЕЛАН куццlерех ю. <АРРОХЬМАН>: ША КЪИНХЕТАМЕ ВЕРГ, <АРРОХЬИМ>: ША КЪИНХЕТАМ БЕШ ВЕРГ,-бохург ду. <АРРОХЬМАН>-бохург къинхетамехь совдолуш ду <АРРОХЬИМ>-бохучулла а, цундела элпашкахь а сов ду <АРРОХЬМАН>. И ши куццlе тарйина йоьгlна ю <къинхетам>-бохучу масдарах. <Къинхетам>-и дог кlеда хилар а, цхьаннах дог лазар а, син уьйра ластар а ду; тlаккха кхоьллина долчу адамехь иштта хуьлуш долу хьал хила тарлуш дац ДЕЛЕХЬ, ША ЛЕКХА-ЦlЕНА ВОЛЧУ даиманна а; цундела цхьабосса дац адам къинхетаме хилар, ДЕЛА КЪИНХЕТАМЕ ХИЛАР а; адамо къинхетам бар, ДАЛА КЪИНХЕТАМ БАР а; (хlунда аьлча) АЛЛАХl-ДЕЛА ХИЛАРНА ША ТЕРА ВОЦУШ цхьаннах а я ШЕХ тера доцуш цхьа хlума а. ДЕЛА КЪИНХЕТАМЕ ХИЛАР дlакхочу бусалбанашка а, керистанашка: рицкъа, могашалла, хьуьнар, кхиндерг даларца. ДАЛА КЪИНХЕТАМ БАР дlакхочу къаьсттина бусалба нахе: къиношна геч дарца, диканиг гайтарца, и дага тасарца, уьш нийса новкъа нисбарца, са далар атта дарца, хьесап дар дай дарца, уьш ялсамани бахийтарца, иштта кхиндlа а.
<РОХЬМАН> цlе къаьсттана ДЕЛАН куццlерех ю, цундела иза туьллуш яц кхоьчунна.
Имам Насафийс шен тафсирехь пайде хlума дийцина Бисмиллин хьокъехь: ((ДАЛА стиглара дуьненчу 104 жайна доссийна: 60 жима жайна Шиса-пайхамаре доссийна, 30 жима жайна Иброхlим-пайхамаре доссийна, 10 жима жайна Муса-пайхамаре доссийна Товрот доссадале хьалха, Товрот а, Инжил а, Забур а, Къур'ан а доссийна. Цу дерриге жайнашкахь долу маьlнаш гулдина Къур'на чохь, Къур'анан маьlнаш гулдина Фатихьат [суротана] чохь, Фатихьатан маьlнаш гулдина Бисмиллина чохь,
Тlаккха, цу тlадамна тlера дlа а долалуш, хlора элп кхочуш хиларе терра, ДЕЛЕРА схьакхочуш хилла а, хуьлуш а, хир долуш а ду хlора хlума.
Iаьрбийн маттахь дагар дича, Бисмиллин элпаш 19 ду, жоьжагlатина тlехlиттийна долу маликаш 19 ду. Цу хьокъехь Масlудан кlанта аьлла: "Тlаккха, милла велахь а, цу 19 маликах ша ДАЛА ларвойла лууш хилла верг, цо доьшийла [дуккха а] Бисмилла, тlаккха ДАЛА йийра ю цунна хlора элпаца дуьхьало [цу хlора маликах]. Тlаккха, баккъалла а уьш ду шаьш и олуш шайн массо а белхашкахь. Тlаккха цуьнца бу церан кхача-ницкъ, цуьнца дузуш-lебаш а ду уьш".
ДЕЛА реза хуьлда Iелина, цуьнгара дийцина: "Цхьаа жайна [я кехат] дац ша лаьтта охьакхуссуш, шена чохь [яздина] <БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ> долуш, ДАЛА дохуьйтуш бен маликаш, шаьш го бан цунна тlехь шайн тlемашца, ДАЛА ваийтталца [аьлла] ШЕН авлияэх волу валий [ШЕН юххера гергара стаг], цо хьалаойбар долуш и [жайна ...Ещёбухарниг, и бу доьххьарлера тlадам, элп дилла доладечу хенахь буьллуш болу)).