Предыдущая публикация
Тахана еха хьо хилла хьайх хаза сурт.
Дакъаза ма яла сий долу Шела
Масане 1аьвши ахь хьайна чохь къематде.
Боьхачу мостаг1ий къизалла лайна ахь
Къа доцчу цу берийн и б1аьрхиш лайна ахь.
Дакъаза ма яла сий долу Шела
Масане лайна ахь бохаме ирча де.
Хьо къаръян г1евттинарш де эшна бисна
Хьо йохка кечбелларш лар йоцуш байна
Хьо ларъян тахана к1ентий хьан кхиъна
Цу к1ентий ц1арца хьо яха хиъна.
Тахана еха хьо къизаллех ц1анъелла
Денъелла, таелла, нур хилла хазъелла.
Г1иллакх, яхь доьналла хьайна чохь хьекъадеш
Ехийла, Шела, къонахий кхиабеш.
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Комментарии 3