Жоп: Баа магош болу дуй, муьлхха а АллахIан цIерашха цхьана цIарах, я АллахIан куьцашха цхьана куьцах биънарг бу. АллахIан цIерашха цхьана цIарах дуй бааран масал кху кепара ду: ВаллахIи! я БиллахIи! я ТаллахIи! Иштта кхин муьлхха а АллахIан цIарах магош ду дуй баар.
Ткъа АллахIан куьцашха цхьана куьцах дуй бааран масал кху кепара ду: Делан Къуръанора! Делан вазаллора! Делан сийлаллора! Делан воккхаллора! Иштта кхин муьлхха а АллахIан куьцах магош ду дуй баар.
39-гIа хаттар: Къуръан АллахIан куьцашна юкъа муха доьду?
Жоп: Къуръан - АллахIан къамел ду, цундела иза АллахIан куьцашна юккъара ду, тIаккха Къуръанах дуй баа магош ду.
[БЕРАШНА ГУЛДИНА «АЛЛАХIАХ ТЕШАР ДУЬЙЦУ» 220 ХАТТАРНА-ЖОП, агlо: 17] https://vk.com/yalsaman
Присоединяйтесь к ОК, чтобы подписаться на группу и комментировать публикации.
Нет комментариев